ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнца хала дийцарш


ГIажарийчоьнан зарратан программах лаьцна долчу дийцарийн рогIера раунд дIайирзина Венехь. Iамерка а, Китай а, Оьрсийчоь а, Британи а, Франци а, Германи а зарратан программа сацаяйта гIерташ ю ГIажарийчоьне, шаьш экономикан санкцеш юхаяхарна дуьхьал.

Шен цIе яккха ца лиинчу Iамеркерчу лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо шаьш саготта хилар хаийтина и дийцарш оьшуш долу жамI дохьуш ца хилар бахьана долуш. Цо дийцарехь, ГIажарийчоьнан дезар ду хала сацамаш тIеэца. Шен агIор ГIажарийчоьнан делегацин куьйгалхочо Аракчи Iаббаса тIечIагIдина дийцарш хала доьлхуш хилар.

Мангал-беттан 20-чу дийнахь хан чекхйолуш ю стохка Женевехь, цкъачунна аьлла, ГIажарийчоьца бинчу бертан. Цу документаца а догIуш, ТехIран реза хилира шен зарратан программан цхьадолу дакъош кхочуш ца деш дита.
XS
SM
MD
LG