ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индехь харжамашкахь тоьлла оппозици


Индехь хиллачу харжамашкахь толам боккхуш ю «Индин халкъан парти». Карарчу хенахь Iедалехь йолчу «Индин къоман конгресс» партино даре дина ша эшна хилар. Карарчу хаамашца, «Индин халкъан партино» Парламентан лахарчу чоьнехь йолчу 543-а меттигах дIалаьцна 272 меттиг.

Цо аьтто бийр бу цу партин шен лаамехь Iедал кхолла. Цу тайпаниг хилла дацара Индехь 1984-чу шарахь дуьйна. «Индин халкъан партин» лидеро Моди Нарендрас шен Твиттерерчу агIон тIехь яздина: «Инди тоьлла. ТIекхечи дика хенаш». Индин лахарчу чоьне харжамаш хилира 6 кIиранах. Берриг а хилира 9 мур.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG