ТIекхочийла долу линкаш

Муьлхха а акцеш дIаяхьар дихкина ГIирмехь


ПIераскана дийнахь ша шех ГIирман премьер-министр винчу Аксенов Сергейс дихкина Мангал-беттан 6-гIа де тIекхаччалц цигахь муьлхха а акцеш дIаяхьар. Кху беттан 18-чу дийнахь ГIирмера гIезалой дагалаца дагахь бу шайн къам дохийна махках даьккхина 70 шо кхачар.

Цигахь дакъалоцуш хир ву 40 эзар стаг. ГIирмерчу гIезалойн халкъан меджлисан куьйгалхочо Джемилев Мустафас Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь дIахьедар дира, 99 процент ГIирмера гIезалой лууш бац Оьрсийчоьнна юкъабаха, уьш лууш бу цигара оьрсий арабовлар аьлла.

Украинин президентан декхарш кхочуш деш волчу Турчинов Александра шен указаца дIакхайкхийна ГIирмерчу гIезалойн бакъонаш къийсаран де. Иза хIора шарахь даздийр ду Стигалкъекъа-беттан 18-гIачу дийнахь.
XS
SM
MD
LG