ТIекхочийла долу линкаш

Украинин малхбалехь а, ГIирмехь а адамийн бакъонашца доьзна хьал теллина дуьненаюкъаралло


​Украинин Малхбалерчу регионехь адаминйн бакъонашца доьзна хьал телхаш ду, ткъа адамашна ницкъ бар алсамдолуш ду аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино.

Цу организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Пиллэй Нэви-с кечдинчу рапорт тIехь дуьйцуш ду, ГIирма Оьрсийчоьно дIалаьцначул тIаьхьа цигарчу гIезалошна гIело еш а, уьш кхерош а хиларх лаьцна. И документ дийшира Киевехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаран гIоьнчо Шимонович Ивана.

Цу тIехь иштта дуьйцуш ду адамаш дойуш а, лечкъош а, ницкъ беш хьийзош а хиларх а, Украинин Малхбалерчу регионехь Iедалшна дуьхьал лаьттачу тобанийн декъашхоша ГIирмерчу гIезалошна етташ хиларх а лаьцна. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло критика йина цу рапортана, иза вуно Украинехьа озабезам беш ду аьлла.
XS
SM
MD
LG