ТIекхочийла долу линкаш

ГIирмехь хуьлург бахьана долуш дIахьедар дина "Мемориало"


ГIирмехь дуккха а адамаш дакъа а лоцуш акцеш дIаяхьар дехкар курортан сезон юкъахяккхарна хкерам болуш дина дац аьлла тешна бу Оьрсийчура адамийн бакъонашларъярхой. Царна хетарехь цуьнан бахьана ду ГIирмера гIезалошка шайн къам махках даьккхина 70 шо кхачар дагалоцуш митинг ца яйтар.

«Мемориал» юкъараллан урхаллан гIантда волчу Рогинский Арсенийс цу хьокъехь дIахьедар дина, адамийн бакъонашларъярхоша доьха Iедалшка Г!ирмера гIезалон бакъонаш ларъяр аьлла. Iедал юхадаккха деза царна тезетан митинг яр дехкар аьлла хета Рогинскийна. Цул сов, Джемилев Мустафана ГIирме ван бакъо яла еза аьлла хета бакъонашларъярхошна.
XS
SM
MD
LG