ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазапах герз дина Украинерчу террорхоша


Украина -- "Малхбале" цIе йолчу батальонера гIаттамхой-оьрсий бу Донецк-Мариупол некъ ларбеш, 15Сти2014
Украина -- "Малхбале" цIе йолчу батальонера гIаттамхой-оьрсий бу Донецк-Мариупол некъ ларбеш, 15Сти2014

Украинан малхбалерчу кIошташкахь гIевттинчу оьрсийн герзахошца къийсам латтабо Iедалан эскаро а, цуьнан агIончех вовшахкхеттачу тобанаша а. Оцу юкъанна шайна резабоцчу бахархошна ницкъ бо, лоьцу, етта террорхоша.




Ша вехачу НовохIрадовка-гIалин Iедалан цIийна тIера сепаратистийн, аьлча а, Оьрсийчоьнан байракх ша охьайоккхуш а хаьара Хуров Олександрна шена цхьа бохам бийр буйла.

Бекхам сихха а, къиза а бира.

Дукха хан ялале 36 шо долу кIорабаккхархо Киеверчу дарбанцIийне кхачийра, йохийна моччахал а, мара а, каггийна пхьарс а, пIендарш а долуш.

Хуров: «Ца соццуш йиттира суна цара. Охьавоьжча, мийраш, коьртах тапчан мукъ биттира. Цхьаммо дIадахдора сан куьг, важа цунна тIехь кхийсалора. Со тиларчуьра ваьлча, еттачуьра совцура, юха а еттара».

Хуровс дийцарехь, цунна тIелеттачу наха «ахь даймохк боьхкина» олуш хилла юх-юха, бохийначу чIиркхан ирачу бухца, чкъор а этIош, белша тIера «Сий хуьлда Украинан! Сий хуьлда турпалхойн!» аьлла диллина тату-йоза дIадаккха гIиртина.

Террорхоша, Хуров Олександр санна, хьийзинарш бу дуккха а.

Мехкан малхбале Оьрсийчоьнах тоха Iалашо йолуш гIевттинчу наха лечкъа а ца деш лоьцу, идабо меттигера хьаькамаш, Украинан цхьааллехьа болу жигархой, журналисташ, арахьара баьхкина тергамхой, бакъоларъярхой, муьлхха а шаьш йозуш йоцуш кхайкхийначу Донецкан я Луганскан «халкъан республикашна» вон дош аьлларг.

Нах лецар, хьийзор, шуьйрачуа хорша а дерзийна, цунах пайдаоьцуш хьийза сепаратисташ.

Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн «Хьюмен Райтс Вотч» юкъаралло нах идор талла хьажийнера Донецкан кIошта Нейстат Анна. Цунна гира цигара хьал.

Нейстат: « Цкъа-шозза нислуш ду олийла дац нах идор, цунах система хилла. Дела денна я лецна нах, я лецча, йийсарехь гIело а йина, мукъабаьхна, бохуш хезара суна».

«Хьюмен Райтс Вотчан» зерашаца, карарчу муьрехь иттаннаш бу террорхошкахь лецна кхобуш.

Сепаратистийн могIаршкара деношкахь ведда юьстахваьллачу Антон цIе йолчу жимчу стага бакъдо лецна латтош дуккха а нах хилар. 25 шо долу иза кхоьру шен цIе ма-ярра йовзийта. Иза дохковаьлла гIаттамхошна юкъа ша вахарх, цара шаьш куп тоьхначу Донецкерчу Iедалан цIийнан маьIIехь, коьртах тоьрмигаш а боьхкина, етташ, цIийша буьзна украинахой байча, цара хьоькху маьхьарий хезча. Иза иштта дуьйцу Антона.

Антон: «Нахана етта. ТIаккха уьш, цара ма-аллара аьлча, «низаме балабо». Доьхку украинахошна шайн мотт бийца а, «Украина» боху дош багахдаккха а. Цаьрга уьш Оьрсийчохь бу олу. Дера етта лецначарна-м, хьийза а ма бо. ТIаккха уьш гIалин йистте а буьгий, дIахоьцу».

Амма тIехь таIзар динчех массо а ца буьсу дийна. Бахначу баттахь ши дакъа карийра Славянск-гIалина гергарчу хийистехь. Царех цхьаъ вара депутат Рыбак Владимир, дийна делккъехь, цо Iедалан цIенна тIера сепаратистийн байракх охьаяьккхича, тобано тIе а летта, вигинера иза.

Идийначех цхьаберш доьза байна лоруш бу, тамаша бу уьш дийна белахь а.
Iамеркара журналист Островский Саймон а латтийна Славянскехь террорхоша лаьцна кхаа дийнахь. Цо шена иттаннаш гира боху лецна, гIалин къайлахчу сервисан гIаттамхоша дIалаьцначу цIенна бухахь латтош. И цIа, адамаш доьза довш, «Iаьржа Iин» ду, боху бакъоларъярхочо Нейстат Аннас.

Тутмакхашлахь Iийначу Хуров Олександра, кхиберш санна, ша а лачкъийра боху туьтмIаьжигашкахь болчу герзахоша кху беттан 4-чу дийнан делккъехь. Цуьнца цхьаьна лаьцна хилла цхьа кIорабаккхархо а, НовохIрадскера виъ Iедалехьа волу хьаькам а.

Хуровца лаьцна тоба сепаратисташа дIайиттина байракхаш охьайохуш лелаш хилла. Аьчка серашца гоне лаьцна латтадечу 11 гIатах долчу кIоштан Iедалан, хIинца Донецкехь сепаратисташа куп тоьхначу цIийне балийна хилла уьш. Барт хаттар а, еттар а оцу цIийнан пхоьалгIачуй, ялхалгIачуй гIатт тIехь дIахьо, ткъа шолгIачу гIатт тIехь дархошна дарбан чоьнаш ю, ах бIе хиллал лоьраш а болуш, дуьйцу Хуровс.

Олександр, шегарчу Украинан байракхца бIаьргаш а бихкина, валийна хилла лаьцна. Ша дIакхачийча, террорхоша еттачу шен накъостийн маьхьарий, узарш хезара шена, дуьйцу цо.

Чукхачорца шена етта йолийра, вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсира, тIаккха маха тIуьйхира шена, цунах ша цхьа малвелира, шех хIун хилла а ца хууш, боху Хуровс.

ШолгIачу дийнахь, шайнчех хуьйцу аьлла, террорхоша дIахецна иза а, цуьнан пхи накъост а. Массо а хилла йиттина, чевнаш йолуш.

Сепаратисташлахь, царех веддачу Антона дийцарехь, лецначарна етта нах донбассхой бу. Уьш вуно говза, етта хууш чалтачаш бу, цунна хетарехь, милицехь, къайлахчу сервисехь болх бина хила а мега цара.

Антона бакъдо террорхой Оьрсийчуьра бахкина нах хилар. Царалахь гIалгIазакхий а бу, цо дийцарехь.

Кхин цхьа хIума а элира цо. Дахначу кIиранах террорхоша Донецкехь лецна, 7 сохьтехь шайгахь латтийна ЦIечу жIаран векалш царна оьшуш хилла шайн дарбан цIийнехь кхачийначу молханех хийца. Амма и белхахой лецча, уьш шпионаш бу бохуш, хьийзийна террорхоша.

Ведда лела Антон кхоьру ша дIатесна накъостий шена тIаьхьаькхачарна, цара ша гIаттамна юьстахваларна хьийзорах. Цуьнан зуда а, бераш а ду, цуьнца цхьана девдда Киеве даьхкина. «Донецкан халкъан республико» ша вен кхачийна, боху Антона.

Ткъа Хуров Олександр, мехкан патриот, кхидIа хьан некъ муха хир бу аьлла, шега хаьттича, вуьйхира. Ша ши хIума дийр ду элира товелча: Украинан цхьаалехьа а къийсалур ву, шен белшаш тIера террорхоша этIийна йоза-тату метта а хIоттор ду.

Хуров «Ас дош ло, тату кхин а хаза, къегина хир ю. Моьнаш хир-м ду, уьш а дахалур ду дIа. Дерриг а дика хир ду-кх»

Ишшта бу Маршо Радион корреспондентан Бигг Клеран материалан чулацам.
XS
SM
MD
LG