ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин векалш лецар толлуш ду Германино


Украина -- Герз долу стаг ву Комбикорм заводана уллехь ха деш. Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа закъалтана нах лоьцу. Славянскана гена доццуш, Оха 30, 2014

Украина -- Герз долу стаг ву Комбикорм заводана уллехь ха деш. Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа закъалтана нах лоьцу. Славянскана гена доццуш, Оха 30, 2014

Украинерчу Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа лаьцнера дукха хан йоццуш Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин векалш, шайна юакъехь виъ немцо а волуш. Уьш маьрша а баьхна, Даймахка цIабирзинехь а, царна дуьхьал динчу зуламан хьокъехь гIуллакх схьадиллина Германин прокуратурано, сепаратисташ жоьпалле озорхьамма.


Стигалкъекъа бутт болалучу муьрехь лийцинера Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин векалш Малхбалерчу Украинехь Iедал дIа а лаьцна, ша шех „къоман гIалин да“ аьлла цIе а тиллина, къепедацарш лелош волчу Славянск -гIаларчу Пономарев Вячеславан гуонерчу наха. Женевехь хиллачу берташца догIуш ма-хиллара, цу меттигашкахь тергамаш беш болу векалш „Малхбузенан айкханчаш“ бу аьлла, цIе а кхоьллина, кIиранахь сов йийсарехь латтийра цара. Цул тIаьхьа Евробертан а, Германин а куьйгалло хаддаза бинчу тIеIаткъамех пайда а баьлла, маьрша бевлла болчу йийсархойн аьтто белира шайн Даймахка цIаберза.

ХIинца, Германин инарла прокуратурано бинчу хаамца, уьш лийцаран а, царна ницкъ баран а, ткъа иштта церан бакъонаш хьешоран а хьокъехь бехкталламан гIуллакх схьалиллина немцойн Iедалхоша. Цкъачунна юкъараллина цхьа а цIераш ца йовзийтинехь а, амма тергамхошна хетарехь, цу талламийн коьртачу тидамехь хир ву ша шех „къоман гIалин да“ аьлла цIе а тиллина, Киеверчу Iедална дуьхьал къепедацарш лелош волу Славянскерчу сепаратистийн куьйгалхо Пономарев Вячеслав.

Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а юкъараллин векалш лийцарехь цуо дакъалаьцна хилар немцойн Iедалхоша тIечIагIдахь, там бу, иза лаха а, лаца а Интерполехула омра арахеца.

Цу юкъана немцойн хаамийн гIирсаша шуьйра дийцаре деш ду кху деношкахь Берлине веана хиллачу Оьрсийчоьнан цIерпоштан некъийн урхалин куьйгалхочуо, Путина Владимиран гергарчу гуонера стаг ларалуш волчу Якунин Владимирс дина хилла дIахьедарш. Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешца билгалваьккхина волу, амма Евробертан санкцийн могIаршлахь воцуш волу Якунин „Немцойн-оьрсийн форум“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло кхайкхина вара.

Шен къамелехь цуо доккха цхьа дакъа Цхьаьнатоьхначу Штаташа, Кремлан куьйгаллийна хетарехь, лелочу харцонашна а, Вашингтоно оцу шен харцонийн декъа Европа а ялон гIерташ хьоьгучу къина а, Европа эххар а сама а яьлла, Оьрсийчоьнца букъах букъ гIортийна, Iамеркана дуьхьало ян езаш хиларна а лерира. Амма иштта дийцира цуо, европахойн Iадаташ хIаллак хуьлуш хиларх лаьцна а, цигахь могIарерчу нехан кхетамашна маьттаза лелачу исбаьхьаллин а, хаамийн гIирсийн а векалша вуон тIеIаткъам беш хиларх а.

И тIаьххьарниг кIира хьалха „Евровидение“ цIе йолчу эшаршлакхархойн къовсамехь толам баьккхинчу Австрерачу Кончита Вурст цIе йолчу ша-башхачу адамна нун дохуш аьлла дара. И зударийн духарш а лелош а, юхь тIе басарш а хьоькхуш, амма цуьнца цхьаьна маж лелош йолу стаг-зуда къаьстина Оьрсийчохь йоккхачу гамонца тIеэцнера, Москохахь а, ур-аталла Соьлжа-гIалахь а вуно вазвина лелош волу цунах терра волу месашларгархо Зверев Сергей ванне а воцуш санна кеп я еш.

Якунин а ца висира Кончита Вурстан кхолламна хийра. „КIентий, ма хила зударех тера, дIаяша шайн мажош“ - аьлла забар йира цуо шен дагахь Берлинехь гулбеллачарна хьалха. Амма ладогIархойх цхьа а вела ца велира, бохуш яздо „Дойче Велле“ агенталло.

Якунинан къамеле ладоьгIуш хилла болу „Немцойн-оьрсийн форуман“ декъашхой цуьнан дешнашна гаррехь резабоцуш, амма дан хIума а доцуш, Iийнехь, немцойн адамийн бакъонашларйархой а, юкъараллин жигархо а иштта тийна-таьIна ца Iийра, Путинан доттагIчо Германехь Кремлан хьежамаш бакъбечу хенахь.

конференци дIайоьдучу гIишлонна хьалха масех бIе стаг гулвеллера, шайн резадацар дIадовзийта. „Кремл, дIадаха хьайн цIийх дуьзна куьйгаш Украинин тIера!“, „Оьрсий, цIа гIо!“, кхин а цу кепара йозанаш тIехь долу транспоранташ а карахь, митинг дIаяхьира цара Берлинехь Якунинс къамел дечу хенахь.
XS
SM
MD
LG