ТIекхочийла долу линкаш

Украинан дозанашна уллера оьрсийн эскарш дIаозаран билгалонаш ца го НАТОна


Къилбаседа Атлантикан Альянсо бечу хаамца, Украинан дозанашна уллера эскарш дIадаха аьлла, оьрсийн президента Путин Владимира делла омар кхочуш ца дина оьрсийн эскарша.

НАТОн инарла секретаро Расмуссен Андерса шен сингаттам бовзийтина, оьрсийн эскарш Украинан дозанашна уллера дIадигаран «цхьа а тоьшаллаш» гуш ца хиларна.

Украинехь хIинца а малхбузенехьа болчу ницкъашна а, Оьрсийчоьнах дIакхета луучу, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а юкъахь дуьйлуш герзаш а долуш, Украинан дозанан йистошкахь оьрсийн эскарш латтор, «дог иэтIоран» бахьана санна лору НАТОно.

краинехь президентан харжамаш тIекхачале масех де дисча, Кремло дIахьедар динера, оьрсийн эскарш дIаоза, аьлла. Украинан малхбалехь болчу сепаратистийн лидерша уьш низамехь бац бохуш, цу харжамашкахь дакъа ца лацаре кхойкху украинхошка.

НАТОн а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а хьесапехь, тIеман Iаморш дIахьучуха, Украинина дозанашна уллехь 40 эзар эскархо дIатарвина Москохо.
XS
SM
MD
LG