ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIаагерчу Кхелехь дош делла Боснерчу сербийн буьйранча хиллачу Младич Раткон адвокаташна


Боснерчу сербашна буьйралла дина волчу Младич Раткона тIехь дIахьучу ХIаагера Дуьненаюкъарчу Кхелехь Младичехьа йолчу агIоно шен бакъдерг дийца долийна.

11 артиклехула бехкаш кховдийна цуьнга. Цу юкъахь геноцид ю, Боснехь хиллачу тIамехь 1992-чуй, 1995-чуй шерашкахь, адамаллина дуьхьал зуламаш дар а ду. Талламо кхелана хьалха дехкина, Сребреницехь цхьанаметта тIех дукха бусулба нах байъа болийча, 8 эзар гергга боснера стаг а, кхиазхо а верца доьзна тоьшаллаш. И массо бехкаш юхабетта Младича.

Iокху шеран Дечкен баттахь Младич Радован дуьхьал велира, шен политикан бертахо хиллачу, 2008-чу шарахь лаца а лаьцна, чувоьллинчу Караджич Радованна дуьхьал тоьшаллаш дан.

16 шарахь лечкъаш лелла Младич, 2011-чу шеран Стигалкъекъа баттахь дуьйна ву лаьцна латтош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG