ТIекхочийла долу линкаш

Даханчу оршот дийнахь, Лаха Неврехь дIаваьлла нохчийн меттан говзанча, Iилманча Джамалханов Зайнди. Нохчийн мотт Советан Iедалша кириллицина тIе баьккхинчул тIаьхьа, цуьнан грамматикина тIехь уггар боккха болх бинчех цхьаъ вара иза.

Кху беттан 19 –чу дийнан 10 сахьт долуш дIакхелхина Нохчийчохь тIех дика вевзаш волу ненан меттан а, халкъан барта кхоллараллин а говзанча, яздархо, цхьанцце а хьагI-гамо йоцу догдика адам, шуьйра а.кIорга а хаарш долу юьхьша академик Джамалханов Зайнди. Жимма а махкана, маттана, къомана саготта болчара, цхьатерра доза а доцуш халахетарца тIеэцна и ирча кхаъ. Суьйранна малхбузу ламазан хенахь докъаламаз а дина, тIаьххьарчу новкъаваьккхира гоьваьлла Iилманча.

Докъаламаз дале тоьшаллаш деш юьртахоша а, иза юххера вевзаш хиллачара а билгалдаьккхира Зайнди беран санна цIена дог долуш адам хилар а, кхечеран кхиамах воккха а веш, гIоьналлин куьг кховдо кийча а волуш, хьаннал къахьегна Iилманча хилар а. Кхин дика ала а лур дуй те аьлла, тоьшалла дира цунна ТIехьа-Мартанан коштан Котар-юьртарчу могIарерчу вахархочо Iабдулрашида.

Iабдулрашид: «Тахана вайн бакъ дуьнене дIахьожош верг цхьа шатайпа стаг ву. Цхьа варжа а ваьржина, атта дийцалур дац Зайндех. Иза ша бинчу белхаш тIехь, язйинчу Iаматаш тIехь масех чкъор кхиийна стаг ву, хIинцачу тIаьхьа кхин а кхиор долуш а ву. хIара Зайнди лазаро а лаьцна, цо ницкъ беш, кхачийна стаг вац. ХIара шен махкана, халкъана ,шен махкана, маттана вецаш кхачавелла стаг ву Зайнди.

Дуьненна серло а луш, богуш болу чIурам санна, ваьгна кхачавелла стаг ву Зайнди. Кхунах дийца цуьнан шен дахар санна деха дукха дара. Тахана цхьана-шина дашца ала а лур дац я вайна ала хуур а дац. Кхунах дерг бIе шо даьлча а кхин а дика эр ду тIекхуьучу чкъуро.»

Маршо радио: - Джамалханов аьллар чекхдалийта, нохчийн мотт ойуш, базбеш цо лелийнарг дахаре дерзо тахана хIун дан деза те?

Iабдулрашид: «Текхуьу чкъор цунах кхето, кхио деза. Кху заманан хенара уьш болдера а вай ца боху цаьрга гIовталш а, бустамаш а духий говраш тIе а ховший лела. Вай цкъа а цкъа а гIеллур доцу, тишлур доцу нохчийн гIиллакх тесна мА дита боху-кх вай»

Довхачу дешнашца дагалоьцу Зайнди сирла васт Теркйист кIоштерчу байтанчо Бухадиев Мусас.

Муса: «Зайнди ондда Iилма долуш, ша кога хIоьттичхьана доггах Iилманехь къахьегна стаг вара-кх. Иза маттана а, къоман сийнна а,вайнехан орамна а гIароллехь лаьттинчех, хьалхарчех цхьаъ вар-кх Зайнди. И болх догах бина стаг вар-кх. Ахь деанчу хаттарна кхачо йоллуш жоп лур долуш а вара, зингатна а шех новкъарло йийр йолуш стаг вацар-кх Зайнди. Хьанал къахьегна, массо агIор беркате стаг вар-кх .»

Маршо радио: - Зайндина хьалха юьхькIай хила хIун дан догIур те тахана?

Муса: «Дан дезарг нохчийн меттан сий айар, самабаккхар, дебор, бовзийтар ду-кх. Цунна хазахета дерг и ду-кх. Вайн мотт ларбинчех вар-кх зайнди. Дала декъалвойла иза!».

Ша лазарца гIорасиз воллушехь, меттара а гIаьттина Лаха-Невре веънера Джамалханов Зайндех кадам бан, цуьнан жимах волу накъост,доттагI, Зайндица дукха марзо эцна волу Соьлжа гIалин кIоштан Дойкар эвлара дешан говзанча, этнограф, исбаьхьаллин литература таллархо Юсупов Iазим. Маршо радиона цхьа-ши дош элира цо а Iилманчин хьокъехь.

Iазим: «Зайнди дIаваларо хIара дуьне кхолийна суна. Ишта дагтIе бала бижна, холча хIоьттина ву и вевзаш мел хилларг. Делахь вайн делаца чIир яц даламукъалахь. Велла бохургга-м цунна дан а ца догIу. дахарехь йоккха лар йитна,къаьсттина ненан мотт талларехь.

ХIара Iилманца муха вара аьлчи, кхо Iилманехь девнаш а дохуш ца къуьйсура. Цо бакъдерг а далош, хьо теша а веш, батт сацош вара Зайнди. Шераш дIаэхарх, зама дIаэхарх кхуьнан безамна дагтIера вер воцуш, ойланехь ваха вуьсур ву Зайнди. Дала къинхетам бойла цунах, дала ял лойла цунна орцах мел ваьллачарна а».

Джамалханов Зайнди дIакхелхинчу хьалхарчу дийнахьчул а хаъал дукха адам листира цуьнан тезета Лаха-Невре шолгIачу дийнахь а. Бахархой тешна бу цуьнан цIе даиманна а къоман иэсехь йита, цуьнан сий-лерамна ненан мотт айа а, иза юкъараллехь дIабехна хилийта а Iедалан коьртехь болчара беркате гIулчаш йохур ю аьлла.
XS
SM
MD
LG