ТIекхочийла долу линкаш

"Дицдан омар делла", цул сов кино гайтар а дихкина


Дицдан омар ду кино йоккхуш - Кинояккхархочуьн Коканаев Русланан Facebook агIонна тIера сурт

Дицдан омар ду кино йоккхуш - Кинояккхархочуьн Коканаев Русланан Facebook агIонна тIера сурт

Нохчийн къам цIерадаккхарх а, Хьайбахахь 700 сов стаг дийна воллушехь, божалахь вагорах а лаьцна, нохчаша яьккхина кино гайтар дихкина Оьрсийчоьнан Културан министралло. Министраллин хьесапехь, «къаьмнашна юкъахь питанаш даржор ду цо». Кино яьккхинчу продюсерна Коконаев Русланна хетарехь, цкъа мацах дина зуламаш гечдайта хьовса дезара Оьрсийчоьнан Iедалш. Вуьшта, зуламаш дан мегаш нисло, царах лаьцна дийцар магош дац.



Дуьххьара, кино йоккхучу хенахь, цуьнан цIе «Чим» аьлла тиллина яра, амма, яьккхина йолучу хенахь, иза хийцитира. «Дицдан омра ду» аьлла яра керланиг. Иза, хIинца, оцу фильман йогIуш ю, хIунда аьлча, кхин тида йиша яц, оршотдийнахь Оьсрийчоьнан культуран министралло цуьнан хьокъехь бина сацам. Иза пачхьалкхехь гайтар дихкина. Оцу фильман автор а, коьрта продюсер а волчу Коканаев Руслана Маршо радиога хаам бира цуьнах лаьцна.

Коканаев Руслан: «Сан чIогIа сатийсам бара, иза гайта Iедало бакъо лура ю аьлла. Оьрсийн маттахь а ма ярий оха иза яьккхина. 15-гlа тIекхаччалц собар де аьлла дара. Селхана, шозлогIачу продюсеро Москохара телефон а тоьхна хаам бира соьга, Оьрсийчохь прокате яьккха бакъо луш яц аьлла».
И фильм Оьрсийчохь гайта бакъо ца ялар, ши бахьан ду аьлла хета цуьнана авторан Коканаев Русланан. Шаьш, иштта а дуккха а хIума дIадаьккхинера цу юккъера, могуьйтура дац бохуш, дуьйцу цуо.

Коканаев Руслан: «Цу юккъахь цхьа кийсак ю Хьалха-Мартан тIерачу дарбан хIусамера. Цигахь а , дIабохочу хенахь, нах хIаллак ма биний. Коьрта лор оьрсий а хилла. Иза доьхьала яьлла хилла, могаш боцу нах хIаллак ма бахьара аш бохуш. Цуьнга ла ца дугIуш, зуда а, стаг а , бераш а терго йоцуш байиина цигахь. Иза дIаяьккха бохуш дара тхоьга. Оха ца яькхира иза. Селхана-стомара сацам тIеоьцучу хенахь, хаьттира боху оцу кийсаках. Гарехь иза а цхьа бахьан ду-кх».

«Дицдан омра ду» фильм таханлерачу дийнахь, Нохчийчохь, яьккхинчу кхечарах буххера дуьйна къаьсташ ю. Дукха харж а йина, йоккха кино ю иза. Доьхьара Хьайбахехь динчу зуламах дийца, шена дагдеъча, оцу бохаман кIоршмалла хууш ца хилла фильман авторан Коканаев Русланан. Совета заманахь хилларг истори а хилла дIахоьттина, цундела, цуьнах лаьцна дийца дезаш дара аьлла хета шена боху цуо.

Коканаев Руслан: «Шуьйра, кIоршаме дина зулам ма дай иза. 700 сов стаг цIаргахь вага а вина, вийна. Суна-м моьттура, цкъа хьалха герзаш тоьхна, уьш байинчул тIаьхь, церан декъий дагийна. Амма, уьш-м дийна боллушехь багийна ма бай. И зулам хилла ду аьлла, цу хенахь коммунистийн совета Iедало дина дерг харцо а хилла аьлла, даре дан дезаш дара культуран министралло, аьлла хета суна. Демократийн пачхьалкх а хилча, кхузахь низам лелаш а хилча».

Оьрсийчоьнан культуран министралло и фильм пачхьалкхехь гайтар дехкаран официала бахьан ду-цуо къаьмнийн юкъметтиг хIаллак ян мега аьлла. Иза аьттехь бакъ ца до фильман автора Коканаев Руслана.

Коканаев Руслан: «Къаьмнийн юкъметтиг талхош цхьа а хIума дац цигахь. Нохчийн дIабохочу хенахь, цхьаболчу гIазкхийша гайтина къинхетам а бу цигахь гойтуш. Эпсарш йина доьхьало а ю цигахь гойтуш. Капитан Громовс йина доьхьало ю. Кхин цхьа эпсар а ву. Бреловская Инга цIе йолчу журналист а ю. цуо Хьайбахах лаьцначу тептар тIехь дуьйцуш а ду иза. Иза ша дерг фильм чохь дуьйцуш дуэ. Иза ша дерг тIе ца лацар, суна хетарехь «Iедалан философи» ю. И кIоршме хIумш мегаш дац аьлла ду. Амма, гуттара оьшуш далахь, къайладаьлчхьана мегаш ду аьлла хетало. И хIума тахана дисина ду аьлла хеташ ву-кх со».

Оьрсийчохь и фильм гайтар магийнехьарий, юккъаралло иза вуо тIеоьцура яцара аьлла хета Коканаев Русланан. Пачхьалкхехь къам дац, цу тайпа бацахь а, шен тоъала коммунистийн Iедалера бохам хиланза, цундела, карара Iедалн неахана тIедерзар хира дара аьлла тIетуьхира фильман автора.

Коканаев Руслан: «Цу чохь хьахийна дерг а, гойтуш дерг а, массо а къомах хьакхлуш ма дуй. ХIунда аьлча, муьлха а къомах валахь, цунна тIехь таIзар дина, иза къайладаьлчхьана иза мегаш ду аьлла хIокху Iедална хетахь, иза кхераме хьал ду. ТIекхуьучу чкъурана а къераме ду иза. хIора къомах хьакхулш ду иза. И кино йоккхуш, «Мосфильмера» 35 стаг вара схьавалийна. Тайпа-тайпана къаьмнаш дара. Бертехь оха массара а йина фильм яра иза. Цхьанна а дас, иза бакъ дац, иза нйиса дац аьлла а дацара. Потапова Ольга, Нестикова Светлана а, царна хетарг а дийшира ас. Цундела, наха дика тIеоьцуш а яра. И ламаз хIора къоман бу. Иза юккъарална, чIогIа оьшуш кино яра».

Оьрсийчохь ца гайтахь а, Хьабахах лаьцна йолу и фильм, дуьненаюккъерачу массийта фестивалехь дакъалаца чуелла ю. Муьлха фестивальш ю ца дуьйцу цкъачуьнна цуьнана автора Коканаев Руслана, амма, цуо билгалдоккху, уьш уггаре а тоьллачарах ю, цхьайолчу фестивалехь, иза шорт-лист юккъе а яхна. Амма, цигахь а хьалхарчу метигаш цуо ца яьккхахь, иза Интернетехь, ишттанехь хьажа чуйилла а Iалашонехь ду фильман авторан.
XS
SM
MD
LG