ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера олигархо Ахметовс митингашка кхойкху Донбассера индустрин белхалой


Шаьш шайха Донецк Къоман Республика кхайкхийначу Iедалшна дуьхьал хаам баран митинг яре кхайкхина Донбассан индустрин белхалошка Украинера олигархо «Систем Кэпитал Менеджмент» холдинган долахочо Ахметов Рината. Ахметов эргIадвохуьйрург ду, Донбассан урамашкахула лелаш, шайца масатоьпаш а, минаш кхуьйсу тоьпаш а карахь нах хилар а, цIий Iенаш а, йозуш ца хилар къобалъязчу республикан агIончаш нехан хIуманаш лечкъош а, закъалатана нах лоьцуш хилар а. «Иза машаре дахар ду?», бохуш хоьтту цо.

Донецкан Аьчган некъийн урхаллина долу дIалацар а, Мариуполера хьал сепаратистийн карадахар а бахьанехь дина Ахметовс и дIахьедар. Оршот дийнахь 50 эзар стаг вара «маьршачу боларе» аравала лууш. Амма, Донецка Къоман республикан Iедалша шайна тIе герзаш детта кийча дуй хиъча, акци юкъахъяьккхинера.

Машар дIахIотталц, Донбассан массо а белхалой делан денна арабевр болуш бу урамашка, заводан мохь ма-хеззина. Донецкан Къоман республикан Iедалша дIахьедар дина, шаьш «дуьхьалонан» гIулчаш йохур ю, аьлла. Царах цхьаъ ю, цу кIоштара мел йолу индустри пачхьалкхан дола йоккхур ю, аьлла. Царах дукхах ерш Ахметовн долахь ю.

Леррина и дIахьедар дан, «Украина» каналехула вистхилира Ахметов шинарин буса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG