ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала белхаш байтарх шарахь йолу са, шарахь 150 миллиард доллар барамехь ю



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Къинхьегаман Департаменто бечу хаамца, нуьцкъала белхаш байтаро, дерриг дуьненахь, мел лаххара а, шарахь 150 миллиард доллар ахча хуьлуьйту. Стигалкъекъа беттан 20-чу дийнахь зорбане даьккхинчу рапорто бахарехь, дуьххьара хир ду аьлла хеттачул а кхузза лакхара ду и терахь.

Къинхьегаман Департаментан хьесапехь, зударий а, зудабераш а дохкарна тIехь доккхуш дерг 99 миллиард доллар ду. Дисинарг, нуьцкъала бойтучу балхана тIера – чуьра гIуллакхаш дойтуш, гIишлош йойтуш, маьIаданаш дохуьйтуш. Молодовехь дIабаьхьначу талламаш гайтина, 45 процент арахь белхаш бина, цIабирзина нах, алапа ца луш, битина. Оццу хенахь, 25 процентана хье а дина, тIаккха дIаделла ахча.

Эрмалойчу а, Гуьржийчу а юхабирзинчу мигрантех 20 проценто чIагIдарехь, цара бинчу балхах цхьа жимма шайкай елла, я ахча даллане ца делла.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино бахарехь, адамаш дохкарехь со йоккхуш, доккху ахча кхоалгIачу меттехь ду, наркотикаш а, герз а дохкарна тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG