ТIекхочийла долу линкаш

Медведев: Украинан цхьаалла ларлур а яц Оьрсийчоьне я, иза дан Оьрсийчоь дагахь а яц


Украинан цхьаалла ларлур а яц Оьрсийчоьне я, иза дан Оьрсийчоь дагахь а яц аьлла дIахьедар дина оьрсийн премьер-министро Медведев Дмитрийс, ша Блумберг агенталле еллачу интервьюхь. Медеведвс бахарехь, коьрта Iалашо, цу махкара хьал лортIедалор ю. Украинан цхьа дакъа шех дIатоха гIерта Оьрсийчоь бохург, пропаганда ю элира Медведевс. Оццу хенахь, ГIирмера хьал дагадаийтар, цу метта догIуш дац элира.

Украинин заррат герз доцу статусца йоьзначу, 1994-чу шеран Будапештан меморандумца а догIуш, Iамерко, Оьрсийчоьно, Британино а шайна тIелецира, Украинан цхьааллин а, цуьнан кхерамазаллин а гаранташ хила.

Украинехь дIахьон болчу президентан харжамех лаьцна, Оьрсийчоьно уьш къобал бан ййиш яц Оьрсийчоьнан. И харажамш, Конституци йохош, Iедал хийцар ду, элира Медведевс.
XS
SM
MD
LG