ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Гитлерца вуьстина Британин паччахьан кIанта Чарлза


Оьрсийчоьнан президент Путин нацистийн Германин лидерх Гитлер Адольфах тера ву аьлла, Британин паччахьан кIанта Чарлза.

Британерчу Daily Mail газето яздина, Канадерчу Галифакс гIалахь иммиграцин музее вахана волуш, Чарлзана дуьхьал кхеттера музейхь болх беш йолу жуьгти, 88 шо долу Фергюсон Мэриен. ШолгIа Дуьненан ТIом болабелча, 13 шо долу Мэриен шен доьзалца Полшера Данциг (хIинца Гданьск) олучу гIалара Канаде едда хилла иза.

Журналисташца шен хиллачу къамелехь цо хаам бина, паччахьан кIанта шега «хIинца Путин а ву, Гитлеро леллийнарг лелош», элира аьлла. Чарлзан гуоно цхьа а комментари ца йина цу къамелан, иза шина стагана юкъахь дина къамел дара, аьлла.
Британин паччахьаллин уггар хьалхарчу могIарехь лаьтташ волу Чарлз, Путинца цхьаьнакхетар волуш ву Францехь, Мангал-беттан 6-чу дийнахь, бертахой Норманде кхачарна 70 шо дузуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG