ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно а, Китайно а 30 шарана газан барт чIагIбина


Оьрсийчоьнан «Газпром» компанино а, Китайна къоман газан CNPC компанино а барт чIагIбина, Китай оьрсийн газ дIакхачоран хьокъехь. И барт 30 шарана бина бу. Оьрсийн президента Путин Владимира Китайхь дIахьучу визитца цхьана нисдинера и документ чIагIдар.

«Газпроман» куьйгалхочо Миллер Алексейс бахарехь, цу бертан мах – 400 миллиард доллар бу. Оццу хенахь, бертан юкъара мехаш буьйцуш бац. И барт ца балуш итт шо хан яьллера, Оьрсийчоьнан а, Китайн а мехашна тIехь барт ца хуьлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG