ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсичоьнехьарчу сепаратисташа 13 Украинан салти вийна


Ханна Украинин президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александра дIахьедар дина, яханчу буса сепаратисташа динчу тIелатарехь 13 салти вийна, аьлла. ТIеман министро хьалхуо аьллера, цхьа салти, луларчу Луганскехь динчу тIелатарехь велла.

Украинан малхбалерчу шина регионехь шаьш шайх «къоман республикаш» дIакхайкхийначу, Оьрсийчоьнехьара сепаратисташна дуьхьал, Украинин Iедалша ялх кIира хьалха леррина операци йоличхьана дуьйна, уггар цIий Iенна тIелатарш ду, яханчу буса хилларш. Кхо де даьлча Украинехь президентан харжамаш бу хила безаш.

Украинан премьер-министро Яценюк Арсенийс Оьрсийчоь бехке йина, харжамаш буьйлабалале, иза шайн махкара хьал марсадаккха гIерташ хиларна. Цо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаце кхайкхам бина, и дов къастон сихонца кхеташо вовшахтоха, аьлла.

НАТОн инарла секретаро Расмуссен Андерса дIахьедар дира, Украинан дозаннеа уллехь долу оьрсийн эскарш цхьа жимма меттахдовлуш хиларе терра, уьш дIадаха «гIертачух тера ду», аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG