ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанхойн президентан кандидат волчу ГIани Ашрафана шен кхаьжнаш дIаделла вице-президент хиллачу Ахьмад Зия МасIуда


ОвхIанхойн президентан харжамашкахь дакъа лоцучу ГIани Ашрафана ондда гIортор хилла. ОвхIан-пачхьаьлкхан вице-президент хиллачу Ахьмад Зия МасIуда ша ГIанина гIортор йо аьлла дIахьедар дина Кабулехь, еарин дийнахь. Пуштун волчу ГIанигхьа, харжамийн хьалхарчу болахь 31,6 процент кхаьжнаш теснера. Iабдулла Iабдуллагхьа 45 процент кхаьжнаш теснера. Мангал беттан 14-чу дийнахь шолгIа мур хир бу цу харжамийн.

Экспертийн хьесапехь, таджикех волчу МасIудах тосун долу аьзнаш алсам а девлла, Iабдуллегхьа таджикаш тосун дерш лахлур ду.
МасIуд, советийн эскаршна дуьхьа леттачу командиран Ахьмад шах МасIудан ваша, вице-президентан гIоьнча хилла ву.

МасIуда ГIанина гIортор йо аларо, харжамийн кампанехь даккхий дар-дацарш долийна. Официала кепара шолгIа мур болалуш, еарин дийнахь дина дIахьедар ду иза.
XS
SM
MD
LG