ТIекхочийла долу линкаш

Британин паччахьан кIентан дешнех Лондоне жоп дехна Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Владимир нацийстийн Германин лидерх Гитлер Адольфах тера ву аьлла, Британин паччахьан кIанта Чарлза динчу дIахьедарх Лондоне жоп дехна Оьрсийчоьно.

Британерчу хаамийн гIирсашкахь хьалхуо баьржинчу хаамашца а догIуш, масех стагана хезна, Канаде вахана волчу Чарлза, ШолгIа Дуьненан ТIом болуш Полшера цу махка еддачу жуьгтин йоккхачу стагаца къамел деш, «Путина а леладо Украинехь, Гитлера цкъа мацах лелийначух тераниг», олуш.

«Нагахь санна, цо оцу кепара дешнаш аьллехь. Хин волчу Британин паччахьехь товш дац уьш», - аьлла брифингехь Оьрсийчоьнан официала векало Лукашевич Александро. Журналисташка вистхуьлуш, Оьрсийчоь эргIадъяхийтина цу дешнаша, аьлла Лукашевича.

Британин паччахьаллин уггар хьалхарчу могIарехь лаьтташ волу Чарлз, Путинца цхьаьнакхетар волуш ву Францехь, Мангал-беттан 6-чу дийнахь, бертахой Норманде кхачарна 70 шо дузуш.
XS
SM
MD
LG