ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийн паччахьан Тамарин каш ГIалгIайчохь хила тарлуш ду


Гуьржийчоь – Касхи ломан буьххьера килса, Имерети, 25Оха2014

Гуьржийчоь – Касхи ломан буьххьера килса, Имерети, 25Оха2014

Кху шарахь Европехь уггаре а мехала хилам лоруш болу Европарламенте харжамаш дIабуьйлабелла цхьаццайолчу Евробертана декъарчу пачхьалкхашкахь. Меттигера бахархой башха баккхийра сатийсамаш цу хиламца бузуш бац. Ткъа кандидатийн могIаршлахь хьалхарчу меттехь аьтто-популистийн партеш хила мегаш ду, мигранташка цабезамна тIехь барт чIагIбелла йолу.


Кху тIаьхьарчу масех баттахь массо а Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхашкахь жигара кечам бина хилла болу харжамаш дIабуьйлабелла еари дийнахь Британехь а, Нидерландашкахь а харжамийн каппаш схьаелларца. КIирандийне кхаччалца дIахьур бу тайп-тайпанчу Европерчу мехкашкахь юкъарчу парламенте болу харжамаш.

Уггаре а хьалха кхач тасса йолаеллачу шина пачхьалкхах лаьцна аьлча, Британехь а, Нидерландашкахь а, схьахетарехь, дукхаха кхаьжнаш я Цхьаьнакхеттачу Европе резацадацарца хьоьжучу, шайх „евроскептикаш“ олучу партеша, я аьтто-популистийн партеша гулдан мегаш ду.

Нидерландашкахь, масала, гIарваьллачу аьтто-радикалхочун Вилдерса Гертан „Маршонан парти“ лору аналисташа, хеттамийн жамIашна тIе а тевжаш, харжамийн хьалхенехь. И Вилдерс Герд шен бусулбачаьрга а, мигранташка а гомачу хьежамашца гIараваьлла ву.

Нидерландашкахь а, йоллучу Европехь а хуьлучу массо а зуламашна а, бохамашна а бусулбанаш я, цуьнан дешнашца аьлча, „хийранаш“ бехке лоруш волчу цуо ши шо хьалха кхайкхам бинера шен махкахь бехачу бусулба нахе, ислам дин дита а дитий, керисталле бовла, аьлла. Иштта иза вевзаш ву шен КъурIан дехка деза бохучу кхайкхамашца. ВВС агенталло масех шо хьалха яьккхинчу документар филмехь, ала дашна,

Вилдерс Герд „Европера уггаре а кхераме стаг“ аьлла билгалваьккхина вара. Ткъа Норвегехь Утоя-гIайренна тIехь 77 кегирхо вийначу террорхочуо Брейвика и стаг, Путинца цхьаьна, ша уггаре а лоруш долу адам санна хьехош ву шен йозанашкахь. Шен зуламе дIахьедарш бахьана долуш хийлаза кхеле озийна волу Вилдерс хIинца шен партица Европарламентехь массийта меттиг схьалаца кечлуш ву.

Британехь а дац кхин гIолехьа хьал. Цигахь толам баккха мегарчарна юкъехь ю аьтто-популистийн „Йозушйацаран Парти“, Фарадж Найджел цIе йолчу меттигерчу Вилдерс Гердан хьежамаш боькъучу политико куьйгалла деш йолу.

И парти Британи Евробертана юккъера араяла еза бохучу хьежамашца евзаш ю, ткъа иштта мигранташка а, бусулбачаьрга цабезамца. Амма иштта шен Оьрсийчоьнан Президент Путин Владмир хесторца а. Масала, дукхахан йоцуш цуо элира, Евробертан бехк бу Шемахь а, Украинехь а кризисаш кхоллаяларна, ткъа и кризисаш дIаяхьа гIерташ къахоьгуш верг Путин Владимир ву, аьлла.

Уггаре а тамашийнарг ду Евробертана шаьш дуьхьал хиларна тIехь политика а еш, кхаьжнаш гулош болу и нах шаьш хIуъу дина а цу Европарламенте кхача гIертар. Шаьш къобал ца дечу хIуманна декъа уьш сел чIогIа хила гIертар дуккхаъчу аналисташа вуно аттачу бахьанца дузу: Европарламентан депутат хилар санехь хиларца а, цигахь алапаш а, кхиндолу белхан хьашташна аьлла беш болу ахчанийн темаш а вуно лакхара хиларца. Доцца аьлча, Цхьанатоьхначу Европин юкъарчу институцешкахь хьавда дика хиларца.

Иштта, масала, хьастагIа „Евроньюс“ агенталлица шен хиллачу къамелехь оццу сел Евробертана дуьхьал волчу Фарадж Найджелан мукIарло дан дийзира, ша Европарламентехь алапа эцна а ца Iаш, кхин а цул сов велла дIаваллалца пенси оьцур долуш хилар. „Евроберто цаоьшу зенаш до, харжаш а йо, и харжаш сацон еза бохуш хьо хилча, айха хьайна Европарламенте совнаха пенси хIунда хIоттадайтина ахь?

Дукхаъ болчу евродепуташа и пенси даккхар эхьцахетар ду аьлла, шаьшна долуьйтуш ма дац иза?“ - аьлла шега динчу хаттарна, ша велча, шен доьзал Iалашбина хилийтархьама даьккхина ду ша и пенси, элира цуо.

Кхин цхьа хIума а ду карарчу Европарламенте болчу харжамийн башхалла лара догIуш. Цига кхача гIерташ болу массо а аьлча сана кандидаташ, социалисташна тIера дIа аьтто-популисташна тIе кхаччалца, - Туркойн мохк цкъачунна Евроберта юккъе бита мегар дац аьлла болчу хьежамна тIехь цхьа ойла йолуш хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG