ТIекхочийла долу линкаш

Пригородни кIошта гIалгIай юхабогIийла лууш бац хIирий


Къилбаседа Кавказан карта

Къилбаседа Кавказан карта

ГIалгIай баьхначу Пригородни кIоштехь долу хьал таханлерчу дийнахь, цхьаннхьа дуьйцуш-хьахош дац. МухIажарш боьвла болу гIалгIай, шаьш бисина шайн баланца.

Хадзиев Сулеймана, хIокху деношкахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат яздина, цуьнга гIо доьхуш. 22 шарахь мухIажар ваьлла лелачу оцу гIалгIачо, цуьнга доьхуш ду, шен дай баьхначу юьрта цIаверзар тIехь гIо. И дIахьедар шен доьххьара а, тIаьххьара а дац боху цуо. Иштта, президенте яздинчу кехатан тIехь, цуо гучубогIу Пригородни кIоштехь болу баланаш. Маршо радиога цуо иштта дийцира.

Хадзиев Сулейман: «300 сов кхайкхамаш а , кехаташ а яздина ас массо а меттигашка. Пеаччахье дина ас дIахьедар. Федерацийн кхеташоне а, Панфиловига а, Нарышкине а яздина ас. Цига кIоштехь болу хьаькамаш нехан коча а оьхуш, шу цIа дерзахь, новкъарлонаш йийра ю боху.Соьга схьадеана кехат ду, Хадзиев Сулейман цIа верзахь, доьхьалонан акцеш йийра ю шаьш аьлла».

ГIалгIай шайн ярташка цIа берза бакъо елла йоллушехь, меттигерачу Iедалша, шай ма хуьллу новкъарлонаш йо бохуш, кхин дIа а дийцира Хадзиев Сулеймана.

Хадзиев Сулейман: «Ас бохург хIун ду? Блок-посташ ма хIитта е боху. ХIора юьртан юккъахь лаьтташ ю уьш, гIалгIай кIоштан юккъе гIура боцуш. Нехан цIенош дIаделча, цхьа а блокх-посташ езар яц боху ас. Схьалуш дац. Администраций, прокуроран гIовс ергий ю и лелош. Мел дукха хилча а пхийттехь стаг бен вац и хIумш лелош верг».

Чохь Iан меттиг ца хилча а, эрна арахь, латта а мегаш дара шайна бохучу хьоле баьхна тахана Пригородни кIоштера гIалгIай. Цхьана юкъана шена а, ша санна болчарна ишшта латтанаш декънера, амма, кIоштан прокуратуро и сацам юхъэцийтина, бохуш тидам бо Хадзиев Сулеймана.

Хадзиев Сулейман: «94 шо долуш ву сан да. Цуо даиманна хоьтту, цIа мац доьлху вай бохуш. САйн цIенонна меттан латта деллера 2003 шарахь, амма, хIинца оцу прокуроран гIовс йолчо юхэцийтина и сацам».

МогIарерачу хIирийшца, гIалгIайн цхьанна а тайпа баланаш бац бохуш билгалдоккху Хадзиев Сулеймана. Амма, цуо терго йо, Iедалша, гIалгIай а, хIирийн а кеги бераш, вовшах ца безамсан тIехь кхиош хиларна.

Хадзиев Сулейман: «Цхьа а хIума ца олу бахархоша. Со цига вахча, церан чу а воьдий кхача а буу ас, чай а молу. Администраци ю иза лелош ерг. ХIинца шай мел долу Iедал кечдина цара тхуна доьхьал. Ши школа ю Черменехь. ГIалгIай шаьш бу, хIирийша шаьш бу. Бераш Iамош ду, уьш вай мостагIий ду, бохуш. ГIалгIай а, хIирий а цхьана доьшуш ца хилча, кхета мегар ма дай, иза хIунда лелош ду. Национализм яьржош ю цигахь».

Пригородни кIошт, гIалгIашний, хIирийшний юккъахь болу и бала тахана а бирзина ца хилар сов, иза, ша ейаза йолу цIе санна, латтош ю. 22 шо даьлча а, цIа берза аьтто боцуш бу гIалгIай. Цхьайолу яьрташ-м, хIирийн Iедалша, молуш долу хишна уллехь ю аьлла, цигахь нахана баха магош дац.

Ткъа, дукхачу экспертийн хетаршкахь, и конфликт, мацца а , самса а йолуш керлачу ницкъаца лата мегаш ю. Оцу гIуллакхан латтош йолчух тера а ду иза регионехь урхалла дан атта хилийта.
XS
SM
MD
LG