ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жигархо Багавутдинова Зарема «терроран гIуллакхашна гIо дарна бехке а йина», 5 шо набахтехь даккха кхайкхийна Дагестанерчу кхело


Юкъараллин жигархо Багавутдинова Зарема «терроран гIуллакхашна гIо дарна бехке а йина», цунна пхеа шарана набахтехь яккха хан кхайкхийна Дагестанерчу кхело.

Адамийн бакъонийн «Мемориал» центро и таIзар къиза лерина. Цул сов, цуьнан политикан бух а бу, бехк-такхаман гIуллакх доцчунна тIехь кхоьллина а ду, аьлла Мемориало. Ша Багавутдиновас а тIе ца лаьцна ша бехке хилар.

Багавутдинова хууш яра, шен жигараллина эххар а цхьа таIзар дан тарлой. И ша дерриг-доладалале, цо аьллера.

Багавутдинова Зарема: «Гуттар дика-м аса сайн бага сацийча хир дара. Кхин а дика хир дара, Со дагестанера дIаяхча.»

2013-чу шеран ГIуран беттан 18-чу дийнахь йолийна ю Багавутдиновна тIехь кхел.
Кхел дIахьучу хенахь а, ша бехке хилар тIе ца лацара цо. Цо бахарехь, талламхоша аьлла хилла цуьнга, шаьш бохург а дина, ца динарг тIе лацахь, таIзар кIедуо кхойкхур ду, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG