ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гергарчу Малхбалехь визит йолийна Римерчу Папас Франсиска


Римера Папа Франсиск Урдун-пачхьалкхе вахана, шен Гергарчу Малхбалера кхаа денна лерина визит йолош. Иза, ишта, дагахь ву, Израиле а, Палестине а ваха.

Урдунан паччахьа Iабдалла ШолгIачуьнца цхьаьнакхетар дIахьуш, понтифа цу мекхан Iедалшна баркалла элира, Шемара мухIажарш тIелацарна.

Римерчу Папас арабаьккхинчу некъан коьрта Iалашо, правослин килсанца юкъаметтигаш нисъяр ю. Хьажархоша бахарехь, цу кIоштара дуладелла хьал лортIедалош, Фрасиска шен Iаткъамах пайда оьцург хиларх догдоху дукхах болчара.

Римерчу Папица имам а, жуьгтийн раввин а. Уьш цуьнан Аргентинера доттагIий бу. Дезачу латтанашна тIехь бехачу керстанашна а, бусулбашна а, жуьгташна а юкъахь машар бан гIертаран билгало санна го иза хьажархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG