ТIекхочийла долу линкаш

Порошенко Пётр – Украинан президент



Украинан керлачу президента а, Кремло а къадийна шаьш Украинера кризис йийцареян кийча хиларх лаьцна. Киевехь журналисташка Порошенко Пётра ша тIебогIучу беттан юьххьехь дагахь ву Оьрсийчоьнан куьйгалхошца къамел дан, иза доцуш аьтто бер бац Украинера хьал аттачу даккха, элира оршотдийнахь.

Иштта цо хаийтира ша мехкан малхбалерчу сепаратизмаца къийсам латтон лерина вуйла, цигара тIеман операци жигара яккха еза, элира цо.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс а дIахьедина, Москох кийча ю Порошенкоца къамел дан аьлла. Амма цо къобал ца до Донбассехь Украинан Iедало сепаратисташна дуьхьал тIеман операци шоръяр. Официало цкъачунна жамIаш дина дацахь а,

Порошенко Пётр президентан хармашкахь тоьлла лору украинахоша.
XS
SM
MD
LG