ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла президент хаьржина ХIиндойчохь




ХIиндойн пачхьалкхан коьрта лидер, премьер-министр хаьржина Моди Нарендра. И декъалван баханера Дели арахьара хьеший, шайлахь Пакистанан премьер-министр Шариф Наваз а волуш.

Президентан гIоперчу церемонехь Шарифа элира, бараме ша варо шена аьтто ло Пакистананний, ХIиндойчоьнанний юкъаметтигаш тоян. 1947-чу шарахь дуьйна схьа хилла бацара Пакистанан куьйгалхой хIиндойн президенташна тажтуьллучохь. Кашмир-мохк къуьйсуш, кхо тIом бина вовшашца шина пачхьалкхо.

Официалан дийцарш хир ду шина премьер-министран Модин а, Шарифан а шинарий дийнахь. Шеко йоцуш толам баьккхина ХIиндойчуьрчу харжамашкахь Модис а, цуьнан Жаната Партино а. ХIндойчоьнан экономика деньян а, мохк тоьллачийн могIара кхачо а Iалашо ю Моди Нарендин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG