ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан экзаменаш ю Оьрсийчохь



Оршотдийнахь дуьххьарлера пачхьалкхан экзамен хилла Оьрсийчохь. Дагестанехь а, Нохчийчохь а бара дешархой географи а, литература а дIалуш. Амма церан башхалла ю луларчу оьрсийн мехкашкара тергамхой ярташкахула, гIаланашкахула баржар.

150 гергга тергамхо вахана, масала, Дагестане Ставропол-махкара. Тергамхойн Iалашо ю экзаменашкахь хIинццалц лелла харцонаш кхушара ца лелийта. 20 де доккхур и цара хьошалгIахь. Нохчийчохь 13 эзар бер ду дешаран тIаьххьара 11-гIа шо дерзош, 20 –эзар иссалгIа шо дерзош. Цаьрца цхьана экзаменаш луш ду стохка чекх ца даладелла 3 эзар сов бер а.

Полицино Iуналле эцна Дагестанера а, Нохчийчуьра школаш.
XS
SM
MD
LG