ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донецкера тIом



Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, Донецкехь иттаннашкахь хIаллакбина террорхой а хьахош, дIахьедина Украинан Iедало сацон еза цигахь хьош йолу лерина операци, аьлла.

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аваков Арсена хаам бина, террорхоша лаьцна латтийна Донецкера аэропорт мукъаяьккхина шен ницкъаша а, эскаро а, аьлла.

Беллачийн терахьаш билгалдовлаза ду, цхьана хьостанаша террористийн могIаршкара вийна боху 30 стаг, кхечара кхачадо и терахь 100 а. Донецкан мэро 38 герзахо а, ши маьрша вахархо а вийна бохуш дуьйцу. Iедалан ницкъех стагга а ца вийна, элира Аваковс.

Президент хаьржинчу Порошенко Пётра шен лаам буйла хаийтина Кремлца дийцарш долон, амма Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс Порошенкон визит Кремло йиллина а яц рогIе, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG