ТIекхочийла долу линкаш

Дели Исламабадца барт лохуш ю



Шинарий дийнахь ХIиндойчоьнан керлачу премьер-министра Моди Нарендрас ша Пакистанан премьерца Шариф Навазца Дели-шахьарахь дийцарш дIахьош, Пакистано дерзо деза шен лаьтта тIерачу низамехь боцчу тIемалошца дерг, бохура.

ХIиндойн дипломатино хаам барехь, Модис хьалха бина барт а ларбеш, и нах шен махканна тIе ца летийта декхаре ю, аьлла, Пакистан. Цул совнаха, Модис ХIиндойчоьнан лаам бу, бохура, Пакистанца йохк-эцарш меттахIиттон. 6 шо хьалха ХIиндойн Мумбаи-шахьарахь шина пачхьалкхан ницкъаш вовшах а летта, шина а агIор 150 сов эскархо вийначул тIаьхьа гуттар а ийгIина лаьттара мехкийн юкъаметтигаш.
XS
SM
MD
LG