ТIекхочийла долу линкаш

ГIажирийчоьнца дицарш



Евробертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхочо Эштон Кетринас «деха а, вуно пайде а къамел» хилла шен, элира Истамулехь зарратан герзан программа йийцаре еш ГIажаройчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Зариф Мохьаммадца. Церан рогIе диллина хилла доцчу оцу цхьанакхетарехь кхетамашца герга кхача аьтто баьлла ТехIерано зарратан герз кхоллар дитар дийцаре деш, элира шинарий дийнахь Эштонан пресс-секретара Манн Майкла. ТIебогIучу Мангал-беттан юккъехь хила езаш ю Венехь гIажаройн зарратан программах доьзначу дийцарийн рогIера раунд. Ткъа тIаьххьарниг йирзира цхьа а барт а ца карош.
XS
SM
MD
LG