ТIекхочийла долу линкаш

Политковская ерах йолу кхел йоьрзуш ю



2006-чу шеран гурахь журналист Политковская Анна ерна бехккъасторхойн коллегино Гайтукаев Лом-Iела а, вежарий МахмудовгIар - Рустам, ИбрахIим, Джабраил а, Хаджикурбанов Сергей а деношкахь бехке веш тIеэцна вердикт низам дохош ю аьлла, юхаяккхар а, дов юхаталлар а доьхуш церан адвокаташа дина арз дийцаре дан долийна Москох кхело.

Прокуратурано 15 шарера баллац уьш набахтехь кхобу таIзар дехна кхеле. Политковскаян бераша а лору бехккъасторхойн вердикт нийса, цул совнаха бехкечаьргара, шайна там беш, 5 миллион сом ахча даккхар а доьху цара. Шен сацам кечбеш ю кхел цкъачунна.
XS
SM
MD
LG