ТIекхочийла долу линкаш

Стенна ца тайна Кремлна депортацех яьккхина филм?


Нохчийчоь -- 1944 шарахь вайнах махкахбахарх лаьцна яьккхинчу "Дицдан омра дина" цIе йолчу филмера сурт

Нохчийчоь -- 1944 шарахь вайнах махкахбахарх лаьцна яьккхинчу "Дицдан омра дина" цIе йолчу филмера сурт

Деношкахь Оьрсийчоьнан культуран министралло, пачхьалкхехь гайта ца магош, дихкина вайнах махкахбахар дагалоцуш Нохчийчохь якккхина «Дицдан буьйр дина» цIе йолу филм яржор.



Деношкахь Оьрсийчоьнан культуран министралло, пачхьалкхехь гайта ца магош, дихкина вайнах махкахбахар дагалоцуш Нохчийчохь якккхина «Дицдан буьйр дина» цIе йолу филм яржор.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиран хаттар. ХIун бахьана ду Москох депортацех йолу филм ца тар? Кремлна лаарх, дийдойла дуй Советан Iедало къаьмнашна дуьхьал латтийна къизалла?

Хаттар дийцаре деш дакъалаца луучуьнга иза далур ду иштта. Телефон тоха тхоьга я, доцца кост таса Праге: + 420 72 40 19 8 32.

Горгали а байитина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зIене.

Кост таса тарло тхан Москохарчу телефонна тIе а + 8 92 62 36 04 65

Комменташ йита тхан сайтехь. Оха эфирехь хозуьйтур ду шун жоьпаш.
XS
SM
MD
LG