ТIекхочийла долу линкаш

Украинан инарла а, 13 салти а кхелхина



Украинан президентан декхарш кхочуш дечу Турчинов Александра бакъдина, цхьа инарла а, 13 кхин эскархо а Славянск-гIалина гергахь Оьрсийчоьнехьа болчу терорхоша чудожийначу беракеманчохь велла хилар. И хаам баьржина оцу гIалина гонаха боьдуш тIом болчу юкъанна.

Киеван тIеман буьйранчаша дийцарехь, хIаллакбина Iедалан ницкъаша оцу кеманна герз тоьхнарш а. Массех кIира ду Славянск-гIалахь чIагIбеллачу сепаратисташца эскарш лета.

Ша-шен Славянскан мэр кхайкхийначу Пономарев Вячеслава хаийтина, деношкахь вайна хилла Европан Кхерамзаллин а, цхьана гIуллакхдаран а организацин виъ векал шен гоно йийсарехь латтош хилар, шаьш уьш кестта дIахоьцур бу, бохура цо.

Керла хаьржинчу президента Порошенко Пётра дош делла террорна дуьхьало латтон а, Украинан малхбалера кризис сихха ерзон а.
XS
SM
MD
LG