ТIекхочийла долу линкаш

Евразин Цхьанакхетаралла тIечIагIйина президенташа



Евразин Экономикан Цхьаьнакхетаралла шаьш кхоьлларх болу барт тIечIагIбина еарийдийнахь Оьрсийчоьнан, Казахстанан, Беларусан президенташа. Дозан тарифаш цхьана мехашка ерзош тIеэцна сацам болхбан болалур бу тIедогIучу шеран юьххьехь.

Казахстанан шахьарахь Астанахь цхьаьнакхеттачу лидершка Евразин Экономикан Цхьаьнакхетараллана юкъабаха шайн мехкашна а лаьа аьлла Эрмалойчоьнан а, ГIиргIазойчоьнан а президенташа.

Президенташа, Оьрсийчоьнан - Путин Владимира а, Казахстанан – Назарбаев Нурсултана а лааман меморандум хIоттийна Казахстанехь зарратан станци йилларх лаьцна.
XS
SM
MD
LG