ТIекхочийла долу линкаш

ТIехьа-Мартанара коьрта лор кхеле озийна



Бехк теллина а баьлла, кхеле кхачийна Нохчийчохь ТIехьа-Мартанарчу юккъерчу дарбан цIийнан коьрта лоьран Джамурзаева Асмаликин дов. Цунна бехкедо алссам кхаъ эцар. 320 эзар соьмах ша елла дIаяллалц луш долу пенси хIоттадойтур ду, аьлла, меттигерчу яхархочуьнга оьшу кехаташ вовшахтохийтина цо, боху талламчаша. Лаьцна Джамурзаева ахча караоьцуш. Кхело иза бехке яхь 7-12 шо хан тухур ю цунна.
XS
SM
MD
LG