ТIекхочийла долу линкаш

Зуда йийна тIе тIулгаш диттина



Пакистанерчу полицино хаам бо, ша виъ стаг лаьцна доьзалхочух йолу зуда тIулгаш диттина ерна, аьлла. Еарийдийнахь лецнарш бу оцу зудчун деваша а, а ши шича а, кхин а цхьа стаг а. Парвин Фарзана йийна Лахорехь. Хьалхо иштта и ен гIортарна лаьцнера полицино оцу зудчун да а, ши ваша а.

Берах тасаелла Фарзана хийрачу стагах, шаьш цо юьхьIаьржа хIиттийна, аьлла ду и йийначу гергарчеран бахьана. Ткъа Парвин Фарзана, дино ма хьоьхху, маре яхна хилла меттигерчу жимчу стаге Икбал Мухьаммаде, амма ден а, вежарийн а лаамза.

Ткъа чугудаьлла, боху полицино, Фарзана йигинчу Икбала хьалхо, и йигархьама, шегахь хилла зуда Биби Iайша пхи шо хьалха йийнийла а. Пакистанехь наха шайна тIера эхь доккху бохуш йийна стохка, масала, 869 зуда.
XS
SM
MD
LG