ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко а буьйцу Украине тIом бан бахана нохчий



Нохчийчуьра бахархой Украине а кхочуш, Донбассерчу тIемашкахь дакъалоцуш бу, аьлла, шегара гIайгIа дIакхайкхийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан инарла секретара Керри Джона ша Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца телефонехула къамел деш.

Нохчий Донецкерчу а, гонахарчу а тIематасадаларшкахь сепаратистийн агIор дакъалоцуш буйла хоуьйтуш цхьацца тоьшаллаш а даьржа. Амма билгалдаьлла дац цкъачунна масса, муьлхачу урхаллех бу и нах.

Маршо Радионо теллинчех ду Донецкехь байъина нах дIабоьхкина меттигаш хилар – Сесанахь, Хьалха-Мартанахь, Хорачахь, кхин а массийтта меттехь. Сесанахь дIавоьллинарг ву, масала, Биев Зеламха. Делахь а, юьззина информаци яц, и нах хьан, муха хьовсийна украинахошца тIом бан.
XS
SM
MD
LG