ТIекхочийла долу линкаш

Бакъоларъярхойн керла юкъаралла


Къилбаседа Кавказ --Борщов Валерий, Оьрсийчуьрчу ХIелсинкин Тобан декъашхо Къилбаседа Кавказехь Мониторинган а, Адамийн бакъонашларъяран а центр кхуллучу кхеташонехь.

Къилбаседа Кавказ --Борщов Валерий, Оьрсийчуьрчу ХIелсинкин Тобан декъашхо Къилбаседа Кавказехь Мониторинган а, Адамийн бакъонашларъяран а центр кхуллучу кхеташонехь.

Iедалан структураш йоцурш цунах йозуш йоцу бакъоларъярхой юкъараллаш а ю Оьрсийчохь. Церан рогIера цхьанатохаралла кхоьллина Къилбаседа Кавказехь. Оцу цхьанатохаралло, терго йийр ю ерриге а регионехь адамийн бакъонашца доьзначу хьолан.



«Адамийн бакъонаш а, къаьмнийн юкъаметтигаш а», аьлла цIе йолуш яра Пятигороск гIалахь дIаяхьана и кхеташо. Регионера мел волу аьлча санна бакъонашларъярхоша дакъалаьцна йолу и кхеташо вовшахтоьхнарг яра Оьрсийчохь йоьвзуш йолу «Iаж» олуш йолу парти.

Дийцаре динчу хаттаршна юккъахь, коьртаниг дара, могIарерачу адамийн бакъонийн массо а агIо. Цу юккъе догIу, дIадохаийначу къаьмнийн хилла йоцу реабилитаци а, бекхтакхаман системехь бан безаш болу хийцамаш а, дIалаьцначу нахана тIехь къизалш яр а. Йоккха меттиг дIалецира, Къилбаседа Кавказехь ерзоза йолчу къаьмнийн юккъерачу конфликташ йийцар а.

Оцу кхеташонна чакхенгехь, барт хилира регионехь долчу адамийн бакъонашкахула хьолан терго а еш, долу сурт лаккхарчу Iедалшна ма дарра довзийта Iалашонца «Мониторинган юккъаралла» кхолла.

Нохчийн бакъонашларъярхочуьнга Эжиев Минкаиле хаьттира Маршо радионо, оцу керлачу цхьанатохараллах лаьцна. Цуо, бахарехь, хIинца а хьалхе ду, бера болчу пайдах ала, амма, даиманна санна сайтисам бу, адамийн бакъонашца долу хьал КъилбаСеда Кавказехь цхьан леман тIе догIург хиларна.

Эжиев: «Вай регионехь, адамийн бакъонашларъяран дуккха а цхьанатохараллаш ю. Царна юккъахь аьлча санна, нахаца уьйранаш дIатаса а, и болх кхиин гIоле бан, Iалашо яра Пятигорскехь и хаттар айдар. Бакъонашларъяран цхьанатохараллаш мел дукха хилча а новкъа яц, амма, коьртаниг хIун ду? Тема ца хилар ду. Болх а беш, вовшах дага а довлуш, нахана гIо деш хилахь дика а, пайденна а хира ду иза. Амма, болх дIагIура бацахь болабан а ца оьшу».

Керлачу юккъараллех, КъилбаСеда Кавказерачу бахархошна мел пайда бера бу ала хала ду. Амма, тахана, билгаладолуш дерг ду, кху меттехь, олуш ма хиллара «аренгахь» болх беш болу бакъонашларъярхой, цхьана а бетталуш, вовшах уьйранаш а тоссуш хилча, церан белхан оьвсаралла лакха йолу, бохуш кхн дIа а дуьйцу Эжиев Минкаила.

Эжиев: «Махкахь кхоьллина ю Къилбаседа Кавказера форум. БОккха болх беш а бу цу цхьанатохаралло. Вай къобал до, кхин цхъаъ кхоллар. Тхайна зеделларг, оха доькъура а ду, нахана цуьнах гIо а хира ду, миччахь балахь».

Къамеле ваьллачуьра, бакъонашларъярхочуьнга Эжиев Минкаиле, Маршо радионо хаьттира, тахана Нохчийчохь, муьлхачу агIора аьрзанаш до бахархоша, аьлла. Иштта жоп делира цуо.

Эжиев: «Тайпа-тайпана ду уьш. Хьалха-м тIамехь нах абйначу хенахь, царна тIаьхь ца кхиар дара. Тахана, социала агIонаш а, набахтешкахь вайнах хьийзор а ю,дукхачу хьолехь. Тхайга сигнал кхаьчча, оцу метте дIадаха аьтто хилахь, цига даха а доьлхий, царна гIо дан хьовсу тхо».

Нохчийчохь болх бечу бакъонашларъярхойн, кхин дан хIума ца дисна, Iедалшца, уьйранаш а латтош, цхьан болх бар бен. Царна шайна а иза, кхолладеллачу хьолехь, гIоле хета. Нагахь санна, цхьана адаманна а, цуьнах пайда балахь, шай коьрта Iалашо кхочуш хилла боху цара.

XS
SM
MD
LG