ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама а, Порошенко а вовшахкхетар ву Варшавехь



КIайчу ЦIийно бечу хаамца, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак а, Украинан президент Порошенко Петр а цхьаьнакхетар ву Варшавехь Мангал-беттан 4-чохь. Шатайпа нислуш ду даржехь чIагвина а воцчу Украинан лидерца Обама цхьаьнакхетар. Полше иштта хьошалгIа кхайкхина бу ГIирман гIезалой а.

И хаам баржийна КIайчу цIинан хьехамчас Родс Бена. Цо бахарехь, Iамеркан президент лерина вац Францехь карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президент ган, тIедогIучу кIиранах цхьаболу Европан куьйгалхой Дуьненан шолгIачу тIамца доьзна иэсан де бигалдоккхуш Францехь вовшахкхеташ белахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG