ТIекхочийла долу линкаш

Китай а, Iамерка а реза яц вовшашна



Китай Къилба-Китайн хIорда тIера шен доцу дакъа доладаккха гIетаро регионера машар бохабо, аьлла, дIахьедина Iамеркан Штатийн тIеман министра Хейгл Чака. Шоьтан дийнахь Сингапурехь хиллачу дуьненаюкъарчу кхерамзаллин конференцехь цо элира, Китайно шеггара претензеш а гIиттош, новкъарло йо оцу хIорда чухула кеманаш леларна, талхадо дуьненаюкъара низамаш.

Хейглан къамел ца тайначу Китайн тIеман буьйранчо, шен махкана кхерамаш туьйсу, аьлла, бехкейира Штаташ. Китайн тIеман гонерчу хьаькама Ван Гуанжонгна хетарехь «Азехь машар бохош» дара Хейгль Чака дина къамел. Иштта Хейгла бехкейина Китай кибер-зуламаш дарна а. Ши кIира хьалха Iамеркан компанийн компьтершкара къайленаш лачкъош гучуваьллера Китайра пхи эпсар.
XS
SM
MD
LG