ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йолаелла Обамин Европера турне


Европе турне йолош ву тахана Iамеркан президент Обама Барак. Европехь иза хила дагахь ву Полшехь а, Белгехь а, Францехь а. Украинин малхбалехь Iедалан ницкъашна дуьхьал лаьтташ Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ а болуш, хуьлуш ду Обамин Европе вар. Полшин коьртачу гIалахь Варшавехь иза цхьаьнакхета дагахь ву Украинин керла хаьржина волчу президентаца Порошенко Петрца.

Белгехь Iамеркан президенто дийцарш дIахьур ду Джи-7 тобан юкъайогIучу пачхьалкхийн лидершца. Францехь Обама Барака дакъалоцур ду ШолгIа Дуьненера тIом боьдуш бертахойн эскарш Нормандехь охьадисиссина 70 шо кхачарна хьажийначу даздаршкахь.

Цигахь Евробертан юкъайогIучу пачхьалкхийн лидерш хилла ца Iаш дакъалаца дагахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Обамин администрацино бинчу хаамца, Путинца цхьана а кепара дийцарш дIадахьа дагахь вац Iамеркан президент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG