ТIекхочийла долу линкаш

Ша "Газпромана" декхарелахь ца лору Киево


​Цхьана кIиранна дIатеттина Оьрсийчура «Газпромо» Украинина ша юхкучу газах мах хьалххе схьабаларан раж юкъаяккхар. Цунах лаьцна хаам бина цу компанин куьйгалхочо Миллер Алексейс.

Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь Украинин Iедалша дехьадаьккхира Газпромана 800 миллион хиллал доллар. Цу кепара шаьш шайн дерриг а декхар дIаделла аьлла хаам бина Киево. Оьрсийчоьнан энергетикан министро Новак Александра дийцарехь, Стигалкъекъа-бутт чекхболуш 10 миллиард кубометр газах мах схьабаланза бара Украино.

Украинин Iедалш реза дац шайна Газпромо юхкучу газан мах дукха лекха а бу, политикан бух тIехь хIоттийна а бу бохуш. Нагахь Оьрсийчоь ша бохучунна тIера ца ялахь, Стокголмерчу дуьненаюкъарчу арбитражан суьде латкъам бан дагахь ю Киев.
XS
SM
MD
LG