ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан дозанца эскарш хIитто мегаш ду НАТО-но


Къилбаседа Атлантикан ТIеман Альянсан эскарш Оьрсийчоьнан дозанна уллехь дIатардийр дац аьлла, 1997-чу шарахь оьрсийн Iедалшца шаьш бина барт хийца мегаш бу НАТО-но.

НАТО-н лаккхарчу даржехь волчу векло бинчу хаамца, кху кIиранах 28 пачхьалкхан тIеман министрша дийцаре дийр ду шайн эскарш Европан Малхбалехь йолчу НАТО-н пачхьалкхашкахь дIатардарх лаьцна долу хаттар. Цуьнан бахьана ду Оьрсийчоьно Украинехь хьал чолхечу а даьккхина лелориг а, ГIирма дIалацар а.
XS
SM
MD
LG