ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера тIеман тобанаш араяхар дехна Оьрсийчоьне Обама Барака


Полшин президентаца Коморовский Брониславца дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа зорбанан конференцехь Iамеркан президенто Обама Барака кхайкхам бина Оьрсийчоьне, цо ма-аллара, Украинин малхбалера оьрсийн «боевикаш» дIабига аьлла. Обамас иштта кхайкхам бина Москохе, Украинера сепаратисташка герз охьадиллийтахьара аьлла.

НАТО-н инарлан секретаро Фог Расмуссен Андерса Брюсселехь вист хуьлуш къобул йина Iамеркан эскарш Европехь чIагIдан йолу Вашингтонан планаш. Цхьаьнатоьхначу Штаташа сихха реакци йира Оьрсийчоьно Украинехь деш дерг бахьана долуш аьлла билгалдаьккхина Расмуссена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG