ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь шен эскарш чIагIдан дагахь ю Iамерка


Украинехь хуьлург а, цигахь Оьрсийчоьнан Iедалша лелориг а бахьана а долуш, Европехь шен тIеман ницкъаш алсамбаха дагахь ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан президентан администрацино. Къайчу ЦIено бинчу хаамца, Обама Барак дагахь ву Конгрессе цу гIуллакхана цхьа миллиард доллар ахча деха.

Вашингтонан планаца а догIуш, Iамерка дагахь ю НАТО-на юкъара шен контингент чIагIъян. Шинарин дийнахь Варшавехь вист хуьлуш президенто Обамас юха а дIахьедар дира, Iамерка кийча ю шен бертахойн кхерамазалла ларъян аьлла. Полшина а, кхин йолчу Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европера пачхьалкхашна а гIортор яр Iамеркан кхерамазалла ларъяран коьрта гIуллакх ду элира цо.

Варшава хьалхара гIала ю Европехь турне дIахьош волу Обама Барак хилларг. Кху къиранах Полшера шен визит дIайирзича иза ваха дагахь ву Белге а, Франце а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG