ТIекхочийла долу линкаш

«Восток» батальон: дериг а, дуьйцурш а


Украина -- Донецкехь Iаморашкахь ю "Восток" батальон, 1Ман2014

Украина -- Донецкехь Iаморашкахь ю "Восток" батальон, 1Ман2014

Кавказехь цхьана заманахь тIемаш бина, нохчех лаьтта Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн урхаллан (ГРУ) «Восток» батальон ю украинахошна дуьхьаллаьтташ боху къамелаш даьржина лела кху деношкахь, нохчийн къомах дуьне а кхардош. Иза мел бакъ ду, даханий и дакъа Украинана дуьхьал лета? Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондентийн Клер Бига, Павлова Светланин, Клевцова Аннин артикл.




Массех кIира ду Кавказехь – Нохчийчохь, Къилба ХIирийчохь, Гуьржийчохь тIемаш барца гIараяьлла «Восток» батальон Украинан малхбалерчу сепаратисташкахьа тIемаш беш ю бохуш дуьйцу.

Амма дуьххьара и хабарш бухбоцуш доцийла деношкахь бен гучу а ца даьлла. «Восток» батальон шех олучу декъо, ша резадацарна, Донецкехь сепаратистийн штаб, бухара террорхой а лаьхкина, дIалаьцча.

И луьра тIелатар хилча, ца кхетаче делира сепаратистийн баьччанаша лелориг а. Ткъа «Восток» батальон, Оьрсийчоьнан тIеман дакъа, Донбассехь хиларо тIечIагIдира Киево шайн пачхьалкхе тIом бахьаш еъна Кремль бохург.
И хIун тIеман дакъа ду «Восток», хIун дисина цуьнан Украинехь?

1999-чу шарахь, Нохчийчоьнца оьрсаша ШолгIа тIом болийча цаьргахьа ваьллачу Ичкерин инарлас Ямадаев Сулимас кхоьллира иза. Шен веа вешица а, тIаьхьа лаьттачу нохчашца а велира Ямадаев Кремлехьа.
Нохчийчохь лаьттина батальонан куп даима а. Юьххьехь дуьйна иза шен тIома кIел ийцира Оьрсийчоьнан иччархойн коьрта урхалло – ГРУ-но. Герз а, ахча-бохча а делла, дуьхьалбехира шайн сенханлерчу накъосташна. Уьш байъарехь вуно баккхий кхиамаш а бехира батальоно.

Цул совнаха, оьрсаша пайдаийцира Ямадаев Сулимех а, цуьнан декъах а 2008-чу шарахь шаьш хIирийн Цхинвал бахьанехь Гуьржийчоьнна тохар дечу деношкахь. Амма хьалхо оцу декъе боьлла цабезам юха ца белира Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан Ямадаевс гуьржех леташ хьуьнар гайтинера аьлла. Лаца кхайкхийна волу эскархо-эпсар, «Востокан» буьйранча, вийра Дубайхь 2009-чу шарахь муьлш бу хииний, цахииний бохуш, IиндагIехь бисинчу я битинчу наха.

Делахь а, ша батальон ца йохийнера, бохуш ду тахана Украинаца тIом бечу «Восток» шех олучу декъан тергоечу Кавказан эксперт волчу Сухов Иванна хетарг.

Сухов: «Восток» батальон дIасахецна яцара янне а. Цуьнан Iалашонаш хийцар доцург. Нохчийчуьрчу тIеман министраллин декъа эцнера иза. Вайна хууш ду, Къилбаседа Кавказехь дика тIом бан Iамийна, резервехь латтош дакъош дуйла. 2008-чу шарахь Гуьржийчохь тIамехь царах пайдаоьцуш а дайра вайна, масала. Сацамаш бечарна хаьа хир ду-кх шайн и тайпа ресурс юйла».

Шен могIарш чIагIбеш ю «Восток». Амма иза хуьлийла дац 15 шо хьалха Ямадаев Сулимас кхоьллинчу батальон тера.
Иштта боху оцу хьокъехь Нью-Йоркан университетан Оьрсийчоьнан кхерамзалла толлучу эксперта профессора Галиотти Марка

Галеотти: «Кхеташ ду, нохчийн «Восток» батальон ша оьрсийн тIеман иччархойн урхалло ГРУ-но къобалйирий. Гарехь, низам цуьнгахь алссам хиларна Москох пайдаоьцуш а ю цунах».

"Заметно Чеченская Восток батальон был развернут, четко либо непосредственно создан российской военной разведкой или, по крайней мере, благословил ею. Я думаю, что это представляет собой попытку поставить в силу, что является более дисциплинированным, но прежде всего, что выглядит в Москву на заказы ".

Украинана дуьхьал тIемаш барал совнаха, шаьш Донбассерчу бахархошка а, цига баьржинчу герзахошка а туьканаш лечкъор дуьтуьйтур ду, бохуш, дIахьедарш до «Восток» батальоно. Амма тергамчашна хетарехь, иза бахьана а дина, шен могIарш цIанбан а, меттигаш шен олалле эца а йоллу батальон.

Батальонах жоп луш ву «Стрелков» шех олу Москохара ГРУ-н эпсар Гиркин Игорь. Изза лору Славянск-гIалахь Украинан эскаршна дуьхьаллаьттачу герзахойн баьчча а. Иштта батальонах жоп луш ву шаьш шайх «Донецкан халкъан республика» олучу нехан ду бохучу Iедалан премьер-министр Бородай Александр а.

ХIун лаьа Кремлна тахана, боху хаттар ду актуалехь.

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, сепаратистийн гонашкара кегари, коьртехь шена ма-оьшшу тешаме тоба яцар дIанисдан гIерта иза. Цуьнан Iалашонехь ду хенан йохалла хила тарло диверсанташна юкъара дар-дацарш дIадахар а.
XS
SM
MD
LG