ТIекхочийла долу линкаш

Cтенна везавелла Путин оьрсашна?


Германи -- Украине диверсанташ хьийсорна Путин Владимир бехкево немцойн гуламо, 29Сти2014

Германи -- Украине диверсанташ хьийсорна Путин Владимир бехкево немцойн гуламо, 29Сти2014

Оьрсийчоьно Украинаца лелае харцо Малхбаленна хьайнехь а, шен пачхьалкхехь лакхаяьлла президентан Путин Владимиран рейтинг. И тамаше хьал толлуш бу Маршо Радион корреспонденташ Соколов Михаил а, Бигг Клера.




Официало дийцарехь, махко лаккхарчу мехаллин тIегIане ваьккхина Путин Владимир.

Цуьнга безам совбалар, социологашна хетарехь, Оьрсийчоь Украинаца шога къестамаш беш хиларца дозу.

Гудков: «Украинаца шога кампани ю дIахьош. ТIеман мотт, «фашизмца» къовсам. Оцо массо а цхьаьнатоьхна».

Иштта ду социологин Левада-центран куьйгалхочунна Гудков Левна хета бахьана.

Малхбузено Украинехь ГIирма схьаяккхарна, сепаратизм есторна, цIий Iенарна Оьрсийчоь бехке яхь а, Путинан цIахь и дерриг а жIар чIагIъен, Киевера неонацизм йожаен некъ го нахана.

Дахначу кIиранах Левада-центро бинчу талламо гайтина Оьрсийчоьно Путинан президенталлан мах муха хадабо – 83 процент бахархой бу иза къобалвеш.
18 процент ларам совбаьлла президентан ах шо гергга хьалха гайтинчу барамца буьстича. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Къилба ХIирийчоьнан агIо лоцуш Гуьржийчоьнна тIелетча а иштта лакхаелира Путинан рейтинг – 88 проценте кхечира.

Лаа дац, пачхьалкх герзаш ловзо йоьлча, цуьнан бахархойн Путине болу безам совбалар.

Кхуьй а конфликт - Нохчийчохь, Гуьржийчохь, хIинца Украинехь – Путина йолийча беста болалора халкъан цуьнга болу ларам. Наха Оьрсийчоьнах, халкъан доьналлах дозалла дар а, Малхбузе шайн пачхьалкхана дуьхьаллаьтта дуьненан агIо ларар а ду иза.

Феномен иштта туьду Левада-центран лидеро Гудков Лева.

Гудков: «ХIора рейтинган ирхе милитаризацица, тIом бан кхерамаш тийсарца, патриотизм лакхаяларца нисло. Путинан президенталлин оьмар тергоне эцча, гуш ду, хьалхара ирхе еара Москох цIенош лелхийтича, Нохчийчохь шолгIа тIом болийча. ХIетахь рейтинг ша хьераяьлла ирхъяхара шина бетта чохь».

Кхин таллам бина Iедало латточу ахчанца юкъараллана хетарг толлучу Ерриг-Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ-о) – 82 процент бахархоша Оьрсийчоьно дуьненан дахарехь лаккхара жигаралла латтош лору, ткъа ялх шо хьалха иштта хеташ бацара 58 процент нах бен.

Иштта мах хадабо Путинан белхан наха, Оьрсийчоьнна дуьнено а Украина бахьанехь духьалъяьхна санкцеш ца лоьруш. Ткъа яхначу гурахь вуно лахара яра президентан рейтинг.

Ша кест-кеста бийца болочу тIеман матто санна Путинан рейтинг лакхайоккхуш дац хIумма а. Ур-аттала Сочерчу Iаьнан олимпиадано а ца елира цунна 3-4 процент бен.

Рейтингийн хьала-охьаидар мухха а делахь а, Украинаца латточу гамоно хIун кхачор ду кхана хууш дац, боху Левада-центран куьйгалхочо Гудков Лева.

Гудков: «Карахь сецалур болучех бац кху тIаьххьарчу беттанашкахь юхьарлаьцна болам. 100 процент тешам бац Украинера хьал карахь латталур ду бохург. Тарло цо президентан го шелбан а. Яьккхина гIулч эвсаре а яра, кхераме а ю».

Кхеташ ду, Путин вац Киевера Майдан гIаттийнарг, гуламашка кхайкхинарг.
Амма оьрсийн «Ведомости» («Хаамаш») газетерчу журналиста Трудолюбов Максима ма-аллара, Путинехь къоргга синхаамалла доллу, хIоьттинчу хьолах, кегарех шена пайда эца хаьа цунна.

ГIурте, цIийне дирзина, кхехка Украинан малхбалехь хьал, амма цIарца бегаш беш ву Оьрсийчоьнан президент, боху тергамхоша. Масала, оццу Трудолюбовна хетарехь, тIаьххьара а ГIирманна аннекси яр Кремлна эшам а хуьлуш дерза тарло.
XS
SM
MD
LG