ТIекхочийла долу линкаш

Малхбалера а, Юккъера а Европа тесна юьтур яц Iамерко


Полшин а, Малхбалера а, Юкъера а Европера НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхийн а кхерамазалла ларйийр ю шаьш аьлла, юха а дIахьедар дина Iамеркан президенто Обама Барака. Варшавехь Полшин парламенте хьалхара маьрша харжамаш хилла 25-шо кхачарна хьажийначу церемонехь вист хуьлуш цо элира Полша а, Эстони а, Латви а, Литва а, Румыни а цкъа а шаьш юьсур яц аьлла.

Полшех 25 шо хьалха а, тахана Украинехь хуьлуш дерг а дуьйцуш дуккха а цхьатера хIуманаш ду элира Обамас. Обама Барака дийцарехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа цкъа а тIеоьцур дац Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар а, Украинин суверинитет йохор а. Оьрсийчоьно кхин дIа а лелош долчу питано иза кхин а алсам дIахадор ю дуьненах элира Iамеркан президенто.

XS
SM
MD
LG