ТIекхочийла долу линкаш

Темерхановн адвокаташа латкъам бина Страсбурге


Буданов вийна аьлла 15 шо хан а тоьхна чувоьллина волчу Темерханов Юсупан адвокаташа латкъам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Адвокато Тренина Дарьяс бинчу хаамца, латкъам бар бахьана ду Оьрсийчоьнан кхело Европан конвенцин (нийсонца кхел ян бакъо ю массера а аьлла йолу) 6-гIа артикл йохор.

Адвокато дийцарехь, хьалхо цара Страсбургерчу кхеле латкъам бира цу Конвенцин 3-гIа артикл йохорна. Цу артиклца а догIуш бакъо яц лаьцначу стагана ницкъ бан. Буданов вийра 2010-чу шарахь Мангал-баттахь. Талламхоша чIагIдарехь, Темерхановс 8-зза тапча тоьхнера цуннна.
XS
SM
MD
LG