ТIекхочийла долу линкаш

Путина къамел дина Порошенкоца


Францехь Калвадосехь 15 минотехь къамел дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Украинин президенто Порошенко Петрос а. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Францин президенто Олланд Франсуас цу хьокъехь дIахьедар дина цу цхьаьнакхетаро некъ буьллу Украинин коьрта куьйгалхо Оьрсийчоьно къобулварна аьлла.

И цхьаьнакхетар хилла ШолгIа дуьненера тIом боьдуш бертахой Нормандехь охьаховшина 70 шо кхачарна хьажийначу даздарiкахь. Цу форматехь Европера лидерш Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа дуьххьара дагахь бу Путинца Украинера кризис дIайерзор дийцаре дан. Хьалхо Францерчу Довилехь Оьрсийчоьнан куьйгалхо цхьанакхийтира Германин канцлерца Меркел Ангелица.

ПIераскана Iуьйранна Нормандин коьртачу гIалахь Канехь хиллачц церемонехь вист хуьлуш Iамеркан президенто Обама Барака элира бертахойн десант Францин территори тIехь охьахаар керлачу демократин эпохин бердан майда хилира аьлла.
XS
SM
MD
LG