ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура араваьккхина 13 вьетнамхо


Вьетнамера 13 вахархо махках ваьккхина Нохчийчура Iедалша ПIераскан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало. Цо дийцарехь, къайлаха республике баьхкина болу мигранташ дIахьовсийна Соьлж-ГIалара Москох, цигара Ханой.

Цу нахана бехке диллинарг ду миграцин низам дохор. Царна гIуда а тоьхна, махках а баьхна кхело бинчу сацамца. Официалан болчу хаамашца, кху тIаьхьарчу кхаа баттахь Нохчийчура араваьккхина къайлаха цига болх бан веана хилла 36 мигрант. 2013-чу шарахь цу тайпачу нехан терахь дара 50 сов. Коьртачу декъана уьш бара Вьетнаман а, Китайн а махкахой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG